che
stringlengths
9
469
ru
stringlengths
1
384
Юьхьанца Дала кхоьллира стигалшший, латтий.
В начале сотворил Бог небо и землю.
Ткъа латта даьсса а, кегарин а дара, гобаьккхина кІорга хи а, Іаьржа бода а бара, ткъа Делан Са хиш тІехула лелаш дара.
Земля же была безвидна и пуста, и тьма над бездною, и Дух Божий носился над водою.
Дала элира: «Хуьлийла серло». ТІаккха серло хилира.
И сказал Бог: да будет свет. И стал свет.
Дела хьаьжча, Цунна и серло дика хийтира. ТІаккха Дала серло боданах къастийра.
И увидел Бог свет, что он хорош, и отделил Бог свет от тьмы.
Серлонах Дала «де» элира, ткъа боданах «буьйса» элира. Иштта суьйре а дІаелира, Іуьйре а еара. ДІаделира цхьа де.
И назвал Бог свет днём, а тьму ночью. И был вечер, и было утро: день один.
Дала элира: «Хи юккъехула а доькъуш, дуькъа хІаваъ хуьлийла».
И сказал Бог: да будет твердь посреди воды, и да отделяет она воду от воды.
Иштта хилла дІахІоьттира: Дала дуькъачу хІавааца хи шина декъе дийкъира. Цхьа дакъа хІаваана тІехула хуьлуш, важа дакъа бухахь дуьсуш.
И создал Бог твердь, и отделил воду, которая под твердью, от воды, которая над твердью. И стало так.
Цу дуькъачу хІаваах Дала «стигал» элира. Суьйре а хилира, Іуьйре а тІееара. ДІаделира шолгІа де а.
И назвал Бог твердь небом. И был вечер, и было утро: день второй.
ТІаккха элира Дала: «Стигалан бухахь долу хи дерриг цхьаьна а кхетийла, екъа меттиг а хуьлийла». Иза иштта хилира.
И сказал Бог: да соберётся вода, которая под небом, в одно место, и да явится суша. И стало так.
Екъачу меттигах Дала «латта» элира, ткъа цхьаьнакхеттачу хих «хІорд» элира. И дерриге гича, Далла иза дика хийтира.
И назвал Бог сушу землёю, а собрание вод назвал морями. И увидел Бог, что [это] хорошо.
Цул тІаьхьа Дала элира: «Лаьтта тІехь йолийла сийналла а, буц а, ялта а, шайна чохь хІу а долуш, стоьмаш ло дитташ а, шайна хІора стоьма чохь хІуш а долуш. Оцу хІух юха а изза тайпа ораматаш а хуьлуш». Иштта хилла дІахІоьттира.
И сказал Бог: да произрастит земля зелень, траву, сеющую семя дерево плодовитое, приносящее по роду своему плод, в котором семя его на земле. И стало так.
Латто сийналла а елира, буц елира, ялта а кхиира, шайн-шайн тайпана хІу а луш, уьш юха а йовлуш. Стоьмаш ло дитташ а хьаладевлира, шайна чохь хІуш а долуш, царех кхин а цу тайпана дитташ а довлуш. Иза а, хьаьжча, Далла хазахийтира.
И произвела земля зелень, траву, сеющую семя по роду её, и дерево, приносящее плод, в котором семя его по роду его. И увидел Бог, что [это] хорошо.
Юха а суьйре дІаелира, Іуьйре а еара. Чекхделира кхозлагІа де а.
И был вечер, и было утро: день третий.
Дала элира: «Хуьлийла стигалахь серлонаш! Лаьтта тІе билгалонаш лойла цара, де буьйсанах а къастош, хенан заманаш а йоькъуш, денош а, шераш а доькъуш.
И сказал Бог: да будут светила на тверди небесной для отделения дня от ночи, и для знамений, и времён, и дней, и годов;
Лаьтта тІе шайн серло а лойла цара». Иштта хилла дІахІоьттира.
и да будут они светильниками на тверди небесной, чтобы светить на землю. И стало так.
Цу тайпана кхоллаелла шиъ коьрта серло, царех йоккхачо дийнан, ткъа жимочо буьйсанан Іуналла а деш. Седарчий а кхолладелла стигалахь.
И создал Бог два светила великие: светило большее, для управления днём, и светило меньшее, для управления ночью, и звёзды;
Уьш Дала дІанисдина стигалахь, лаьтта тІе шайн серло ялийта а,
и поставил их Бог на тверди небесной, чтобы светить на землю,
дийнан а, буьйсанан а Іуналла дан а, серло боданах къасто а. Дела хьаьжча, Цунна и дерриге а хазахийтира.
и управлять днём и ночью, и отделять свет от тьмы. И увидел Бог, что [это] хорошо.
Суьйре а еара, Іуьйре а тІекхечира. ДоьалгІа де а дІаделира.
И был вечер, и было утро: день четвёртый.
Юха Дала элира: «Хуьлийла хи чохь дуккха а, массо а тайпана садолу хІуманаш. ХІаваэхь тІема довлийла дуккха а тайп-тайпана олхазарш а».
И сказал Бог: да произведёт вода пресмыкающихся, душу живую; и птицы да полетят над землёю, по тверди небесной.
Иштта кхоьллира Дала Іаламат хІордан дийнаташ а, массо а тайпана хи чохь йолу садолу хІуманаш: яккхий а, кегий а. ХІаваэхь тІема девлира дуккха а массо а тайпана олхазарш. Дела, хьаьжча, Ша кхоьллинчунна реза хилира.
И сотворил Бог рыб больших и всякую душу животных пресмыкающихся, которых произвела вода, по роду их, и всякую птицу пернатую по роду её. И увидел Бог, что [это] хорошо.
Цо, уьш декъалдеш, элира: «Дебийла шу, тІаьхье беркате а хуьлуш, хІордаш хих дузуш. Дуккха а олхазарш кхуьийла дуьнен чохь».
И благословил их Бог, говоря: плодитесь и размножайтесь, и наполняйте воды в морях, и птицы да размножаются на земле.
ТІееара суьйре, хилира Іуьйре а. ДІаделира пхоьалгІа де а.
И был вечер, и было утро: день пятый.
Юха Дала элира: «Хуьлийла лаьтта тІехь массо а тайпана садолу хІуманаш а, даьхни а, текхаргаш а, лаьттан акхарой а, шайн-шайн тайпанашца». Иштта хилла дІахІоьттира.
И сказал Бог: да произведёт земля душу живую по роду её, скотов, и гадов, и зверей земных по роду их. И стало так.
Тайп-тайпана акхарой а, даьхни а, лаьттан текхаргаш а, ерриге тайпанашца кхоллаелира. Хьаьжча, Далла иза а хазахийтира.
И создал Бог зверей земных по роду их, и скот по роду его, и всех гадов земных по роду их. И увидел Бог, что [это] хорошо.
ТІаккха Дала элира: «Кхуллур Вай адам, Вешан аматехь а, вастехь а долуш. Хуьлийла уьш олалла деш дуьнен чу мел кхоьллинчу са долчу хІуманашна тІехь: хи чуьра а, лаьтта тІера а дийнаташна тІехь а, лаьттан текхаргаш тІехь а, хІаваэра олхазаршна тІехь а, дерриге лаьтта тІехь а».
И сказал Бог: сотворим человека по образу Нашему по подобию Нашему, и да владычествуют они над рыбами морскими, и над птицами небесными, и над скотом, и над всею землёю, и над всеми гадами, пресмыкающимися по земле.
Иштта кхоьллира Дала адам. Стаггий, зудий кхоьллира Цо Шен аматехь.
И сотворил Бог человека по образу Своему, по образу Божию сотворил его; мужчину и женщину сотворил их.
Уьш декъалбеш, Дала элира: «Дебийла шу, тІаьхье стам а луш, дузийла аш латта, шайн дола доккхийла аша иза. Олалла дойла аш массо а хи чуьра чІерашна тІехь а, хІаваэра олхазаршна тІехь а, дерриге а лаьтта тІера дийнаташна тІехь а».
И благословил их Бог, и сказал им Бог: плодитесь и размножайтесь, и наполняйте землю, и обладайте ею, и владычествуйте над рыбами морскими и над птицами небесными, и над всяким животным, пресмыкающимся по земле.
Юха а элира Дала: «Шуна ло Аса дерриге а лаьтта тІера массо а хІу тосу ораматаш а, массо тайпана стом ло дитташ а, шайна чохь оццу диттийн хІу а долуш. Царех хир ю шуна юург.
И сказал Бог: вот, Я дал вам всякую траву, сеющую семя, какая есть на всей земле, и всякое дерево, у которого плод древесный, сеющий семя;— вам [сие] будет в пищу;
Ткъа ерриге а садолчу хІуманна а ло Аса массо а тайпана гІа-буц. Ерриге а лаьтта тІера акхарошна а, массо а стигалара олхазаршна а, хІора лаьттан текхаргана а юург хир ю иза». И дерриге а хилла дІахІоьттира.
а всем зверям земным, и всем птицам небесным, и всякому пресмыкающемуся по земле, в котором душа живая, [дал] Я всю зелень травную в пищу. И стало так.
Оцу Ша мел кхоьллинчуьнга Дела резахиларца хьаьжира. Иштта еара суьйре а, Іуьйре а хилира. ЯлхалгІа де а дІаделира.
И увидел Бог всё, что Он создал, и вот, хорошо весьма. И был вечер, и было утро: день шестой.
Иштта кхолладелла стигалш а, латта а, царна тІехь мел йолу хІума а.
Так совершены небо и земля и всё воинство их.
ВорхІалгІа де тІедале чекхдаьхна Дала дерриге а Ша мел дина гІуллакхаш. Цу дийнахь, Ша мел динчу гІуллакхех паргІат а ваьлла, Дала садаьІира.
И совершил Бог к седьмому дню дела Свои, которые Он делал, и почил в день седьмый от всех дел Своих, которые делал.
ТІаккха и ворхІалгІа де Дала, декъалдеш, къобалдира. Цу дийнахь Шен массо а кхоллараллийн гІуллакхаш кхочушдина дела, Дала садаьІира.
И благословил Бог седьмой день, и освятил его, ибо в оный почил от всех дел Своих, которые Бог творил и созидал.
ХІара ду стигалшкахь а, лаьтта тІехь а хилларг, Везачу Дала уьш кхуллучу хенахь.
Вот происхождение неба и земли, при сотворении их, в то время, когда Господь Бог создал землю и небо,
Цу хенахь лаьтта тІе яьлла яцара цхьа а аренан буц я колл, хІунда аьлча Дала хІинца а догІа ца даийтинера лаьтта тІе, адам а ца хиллера и латта лело.
и всякий полевой кустарник, которого ещё не было на земле, и всякую полевую траву, которая ещё не росла, ибо Господь Бог не посылал дождя на землю, и не было человека для возделывания земли,
Ткъа лаьтта тІера Іаь хьалайолура, и дерриге а латта тІада а деш.
но пар поднимался с земли и орошал все лице земли.
ТІаккха лаьттан поппарх адам кхоьллира Везачу Дала, цунна чу са а дуьллуш, ткъа и адам денделира.
И создал Господь Бог человека из праха земного, и вдунул в лице его дыхание жизни, и стал человек душею живою.
ТІаккха Везачу Дала, малхбалехь йолчу Іедан цІе йолчу меттигехь беш а йийна, цига Ша кхоьллина стаг хаийра.
И насадил Господь Бог рай в Едеме на востоке, и поместил там человека, которого создал.
Цу лаьтта тІехь Везачу Дала кхолладалийтира массо а тайпана дитташ, тІехьаьжча хаза а, тамехь а долуш, царна тІера стоьмаш даа пайден а долуш. Бешана юккъехь дара дахаран дитт а, дика а, вон а довзуьйту дитт а.
И произрастил Господь Бог из земли всякое дерево, приятное на вид и хорошее для пищи, и дерево жизни посреди рая, и дерево познания добра и зла.
Цу бешахь хи тохархьама, Іедан-меттигера схьадолура хи, тІаккха иза деа декъе декъалора.
Из Едема выходила река для орошения рая; и потом разделялась на четыре реки.
Цхьаннан цІе Пишон ю, иза ду дерриге а Хьавил-лаьттана тІехдолуш. Оцу лаьттах деши а доллу.
Имя одной Фисон: она обтекает всю землю Хавила, ту, где золото;
(Цу лаьттара и деши дика а ду. Цигахь ю «бадолахь» олу сегІазах тера а йолуш, хаза хьожа йогІу хІума а, «оникс» олу деза тІулгаш а ду).
и золото той земли хорошее; там бдолах и камень оникс.
ШолгІачу хин цІе ю Гихьон, иза тІехдолу дерриге а Хуша олучу лаьтта тІехула.
Имя второй реки Гихон: она обтекает всю землю Куш.
КхоалгІачу хин цІе ю Хьиддекхал. Иза доьду Ашур-махка кхаччалц. ДоьалгІа хи ду Эпрат.
Имя третьей реки Хиддекель: она протекает пред Ассириею. Четвёртая река Евфрат.
ТІаккха Везачу Дала адам Іедан беша даха хаийра, цуьнга и беш лела а йойтуш, Іалаш а йойтуш.
И взял Господь Бог человека, и поселил его в саду Едемском, чтобы возделывать его и хранить его.
Ткъа цу стагана Везачу Дала тІедиллира: «Массо а дитт тІера стом баа мегар ду ахьа,
И заповедал Господь Бог человеку, говоря: от всякого дерева в саду ты будешь есть,
амма дика а, вон а довзуьйтучу дитта тІера ма баалахь, хІунда аьлча ахьа оцу тІера стом биинчу дийнахь валарца дІавер ву хьо», – аьлла.
а от дерева познания добра и зла не ешь от него, ибо в день, в который ты вкусишь от него, смертью умрёшь.
ТІаккха Везачу Дала элира: «Дика дац адам ша цхьаъ хилар, кхуллур Ас цунна гІоьнча, цунах терра а йолуш, цуьнца а йогІуш».
И сказал Господь Бог: не хорошо быть человеку одному; сотворим ему помощника, соответственного ему.
Массо а аренан акхарой а, даьхни а, дерриге а стигалара олхазарш а кхоьллинера Везачу Дала лаьттах. Цо уьш массо а адамна хьалха дІахІоттийра, цу стага царна хІун цІераш тохку хьожуш. ТІаккха оцу са мел долчу хІуманна адамо елла цІераш йитира.
Господь Бог образовал из земли всех животных полевых и всех птиц небесных, и привёл к человеку, чтобы видеть, как он назовёт их, и чтобы, как наречёт человек всякую душу живую, так и было имя ей.
Иштта елира адамо цІераш массо а даьхнина а, стигаларчу олхазаршна а, массо а акхарошна а, амма адамна ца нисъелира шеца йогІуш йолу гІоьнча.
И нарёк человек имена всем скотам и птицам небесным и всем зверям полевым; но для человека не нашлось помощника, подобного ему.
ТІаккха Везачу Дала чІогІа наб кхетийтира стагана. Цунна наб кхетта яьлча, цуьнан цхьа пІенда схьа а баьккхина, и меттиг дилхаца дІакъевлира.
И навёл Господь Бог на человека крепкий сон; и, когда он уснул, взял одно из ребр его, и закрыл то место плотию.
Цул тІаьхьа Ша оцу адамна чуьра баьккхинчу пІендарх Везачу Дала зуда йира, иза цу стагана яла а еш.
И создал Господь Бог из ребра, взятого у человека, жену, и привёл её к человеку.
Адамо элира: «ХІара даьІахк сан даьІахкех ю, дилха а сан дилханах ду, кхуьнан цІе а адам хир ю, иза майрачух яьккхина дела».
И сказал человек: вот, это кость от костей моих и плоть от плоти моей; она будет называться женою, ибо взята от мужа.
Цундела стаг, шен дай-наний а дитина, шен зудчух кхетар ву. ТІаккха цу шиннах цхьа дегІ хир ду.
Потому оставит человек отца своего и мать свою и прилепится к жене своей; и будут одна плоть.
И шиъ дерзина доллушехь, адам а, цуьнан зуда а вовшех ийза а ца лора.
И были оба наги, Адам и жена его, и не стыдились.
Везачу Дала кхоьллинчу акхарошна юкъахь уггаре а хІилла долуш лаьхьа бара. Цо оцу зудчуьнга элира: «Бакъ дуй и, хІокху бешара цхьанна а дитта тІера Дала шуьга стом ма баа аьлла бохург?»
Змей был хитрее всех зверей полевых, которых создал Господь Бог. И сказал змей жене: подлинно ли сказал Бог: не ешьте ни от какого дерева в раю?
Зудчо жоп делира лаьхьане: «Дитташ тІера стоьмаш даа мега тхуна,
И сказала жена змею: плоды с дерев мы можем есть,
амма ялсамане юккъехь цхьа дитт ду, цу тІера стом а ма баа, хьакха а ма ло цу диттах аьлла Дала тхоьга, тхо дала ца далийтархьама».
только плодов дерева, которое среди рая, сказал Бог, не ешьте их и не прикасайтесь к ним, чтобы вам не умереть.
ТІаккха лаьхьано зудчуьнга элира: «ХІан-хІа, лийр дац шу,
И сказал змей жене: нет, не умрёте,
амма Далла хаьа, аша оцу дитта тІера стом биинчу дийнахь дуьйна шун бІаьргаш дІабеллалур буй, дика-вон а девзаш, шу Цуьнга дІатарлур дуй!»
но знает Бог, что в день, в который вы вкусите их, откроются глаза ваши, и вы будете, как боги, знающие добро и зло.
Зудчунна и дитт хаза хилар а, цунна тІера стоьмаш даа тамехь хилар а гира. Уггаре а хазделира цунна цу дитто кхетам алсам болуьйтург хилар. Зудчо дитта тІера стоьмаш а баьхна, ша а биира, шена юххехь волчу майрачуьнга а белира. Вукхо а уьш биира.
И увидела жена, что дерево хорошо для пищи, и что оно приятно для глаз и вожделенно, потому что даёт знание; и взяла плодов его и ела; и дала также мужу своему, и он ел.
ТІаккха дІаделладелира церан шинне а бІаьргаш. Шаьшшиъ дерзина дуй хиъна, инжиран диттан даккхий гІаш а даьхна, уьш вовшах а тегна, цаьрца дІахьулдира цара шайн догІмаш.
И открылись глаза у них обоих, и узнали они, что наги, и сшили смоковные листья, и сделали себе опоясания.
Дийнан йовхо лагІъеллачу хенахь бешахь лелаш волчу Везачу Делан аз а хезна, адам а, цуьнан зуда а бешан дитташна юккъехь къайладелира Цунах.
И услышали голос Господа Бога, ходящего в раю во время прохлады дня; и скрылся Адам и жена его от лица Господа Бога между деревьями рая.
Ткъа Веза Дела кхайкхира адаме: «Хьо мичахь ву?» – аьлла.
И воззвал Господь Бог к Адаму и сказал ему: где ты?
Стага жоп делира: «Цу бешахь Хьан аз а хезна, Хьох кхера а велла, со верзина волу дела, дІалечкъира со».
Он сказал: голос Твой я услышал в раю, и убоялся, потому что я наг, и скрылся.
Везачу Дала хаьттира: «Хьо верзина ву хьан аьлла хьоьга? Аса баа мегар дац аьллачу дитта тІера стом бииний-те ахьа?» – аьлла.
И сказал: кто сказал тебе, что ты наг? не ел ли ты от дерева, с которого Я запретил тебе есть?
Адамо жоп делира: «Ахьа суна еллачу зудчо цу дитта тІера даьхна стоьмаш делира соьга, ткъа аса уьш диира», – аьлла.
Адам сказал: жена, которую Ты мне дал, она дала мне от дерева, и я ел.
ТІаккха Везачу Дала зудчуьнга элира: «И хІун ду ахь динарг?» Зудчо жоп делира Цуьнга: «Лаьхьано, хІилла а дина, Іехийра со, ткъа аса и стоьмаш диира», – аьлла.
И сказал Господь Бог жене: что ты это сделала? Жена сказала: змей обольстил меня, и я ела.
ТІаккха Везачу Дала лаьхьане элира: «И вон ахь дарна, хьуна а хир ду вон. НеІалт кхайкхадо хьуна массо а даьхнина а, ерриге а аренан акхарошна а хьалха. ХІинца дуьйна хьо баллалц текхар бу хьо гай тІехь, чан а юуш.
И сказал Господь Бог змею: за то, что ты сделал это, проклят ты пред всеми скотами и пред всеми зверями полевыми; ты будешь ходить на чреве твоём, и будешь есть прах во все дни жизни твоей;
ХІинца дуьйна, хьуна а, зудчунна а юкъахь а, хьан тІаьхьенна а, цуьнан тІаьхьенна а юкъахь а мостагІалла хир ду. Зудчун тІаьхьено хьан коьртах чов йийр ю, ткъа ахьа цуьнан когах чов йийр ю».
и вражду положу между тобою и между женою, и между семенем твоим и между семенем её; оно будет поражать тебя в голову, а ты будешь жалить его в пяту.
Ткъа зудчуьнга Везачу Дала элира: «Хьо доьзалхочух йолуш лазарш чІагІдийр ду хьан, лазаршца доьзалхо а хир ву хьан. ТІаккха майрачуьнга сатуьйсуш хир ю хьо, ткъа иза хьуна тІехь олалла деш хир ву».
Жене сказал: умножая умножу скорбь твою в беременности твоей; в болезни будешь рождать детей; и к мужу твоему влечение твоё, и он будет господствовать над тобою.
Адаме Везачу Дала элира: «Аса аьллачуьнга ла а ца дугІуш, хьайн зудчо бохург а дина, ма баа аьлла стом ахьа баарна, хьо бахьанехь неІалт кхайкхадо Ас кху лаьттана а. Хьо валлалц халонца а, къинхьегамца а лохур ду ахьа хьайна напха.
Адаму же сказал: за то, что ты послушал голоса жены твоей и ел от дерева, о котором Я заповедал тебе, сказав: не ешь от него, проклята земля за тебя; со скорбью будешь питаться от неё во все дни жизни твоей;
КІохцалш а, яраш а евр ю цу лаьтта тІе, аренан ораматех хир ю хьуна юург.
терния и волчцы произрастит она тебе; и будешь питаться полевою травою;
Хьацарлахь доккхур ду ахьа хьайн бепиг, юха а, хьо схьаваьллачу лаьтта чу хьо верззалц. Ас хьо лаьттан ченах вина волу дела, юха а чан хир ю хьох».
в поте лица твоего будешь есть хлеб, доколе не возвратишься в землю, из которой ты взят, ибо прах ты и в прах возвратишься.
ТІаккха Адама шен зудчунна «Дахар луш ерг» (Іебархойн маттахь: Хьава), аьлла цІе тиллира, хІунда аьлча иза лаьттахь мел дехачу адамийн нана хир йолу дела.
И нарёк Адам имя жене своей: Ева, ибо она стала матерью всех живущих.
ТІаккха Везачу Дала Адамна а, цуьнан зудчунна а неІаран духар дира, иза царна тІе а духуш.
И сделал Господь Бог Адаму и жене его одежды кожаные и одел их.
Везачу Дала элира: «ХІинца адам а Вайх цхьаъ хили, дика а, вон а девзаш. ХІинца, шайн куьйгаш а кховдийна, дахаран дитта тІера стом а баьккхина, иза биина, хедар доцучу дахаре ма кхочийла уьш».
И сказал Господь Бог: вот, Адам стал как один из Нас, зная добро и зло; и теперь как бы не простёр он руки своей, и не взял также от дерева жизни, и не вкусил, и не стал жить вечно.
Цул тІаьхьа Адам Іедан-бешара дІаэккхийра Везачу Дала, цуьнга ша схьаваьлла волу латта леладайтархьама.
И выслал его Господь Бог из сада Едемского, чтобы возделывать землю, из которой он взят.
Иза дІа а эккхийна, Іедан-бешана малхбалехьа агІор, чу волучохь, Везачу Дала дІахІоттийра дахаран диттана Іуналлина каруб-маликаш. Оцу диттана тІе ца гІортийта, цІе санна къеггина догуш а, меттахъхьеш а долу тур а хІоттийра.
И изгнал Адама, и поставил на востоке у сада Едемского Херувима и пламенный меч обращающийся, чтобы охранять путь к дереву жизни.
Адам шен зудчух Хьавах кхийтира. Цо, доьзалхочух а хилла, кІант вира. Хьавас элира: «Везачу Элан гІоьнца бер дина ас». Цундела берах цо «Кхаим» элира (Іебархойн маттахь иза «дийриг» бохург ду).
Адам познал Еву, жену свою; и она зачала, и родила Каина, и сказала: приобрела я человека от Господа.
Цул тІаьхьа Кхаиман ваша Хьабул вира Хьавас. Хьабулах жаІу хилира, ткъа Кхаимах – латталелорхо.
И ещё родила брата его, Авеля. И был Авель пастырь овец, а Каин был земледелец.
Цхьа хан яьлча, Кхаима шена лаьтто деллачу ялтанах дакъа Везачу Элана хьалха деара.
Спустя несколько времени, Каин принёс от плодов земли дар Господу,
Ткъа Хьабула шен жена юкъара уггар тоьлла долу дуьххьарлера Іахарий деара. Веза Эла резахиларца хьаьжира Хьабуле а, цо деанчуьнга а.
и Авель также принёс от первородных стада своего и от тука их. И призрел Господь на Авеля и на дар его,
Ткъа Кхаиме а, цо деанчуьнга а реза воцуш хьаьжира Веза Эла. ЧІогІа оьгІазвахана, хьаьжа юккъе шад хІоттийра Кхаима.
а на Каина и на дар его не призрел. Каин сильно огорчился, и поникло лице его.
ТІаккха Везачу Эло элира Кхаиме: «Хьо ма оллавелла ву? Хьо ма оьгІазе ву!
И сказал Господь Каину: почему ты огорчился? и отчего поникло лице твоё?
Ахь диканиг деш хилча, ларамца тІеоьцу хьо. Ахь диканиг деш ца хилча, хьан неІарехь къа лаьтта. И хьо Іехо гІерташ ду, хьо цул тола веза».
если делаешь доброе, то не поднимаешь ли лица? а если не делаешь доброго, то у дверей грех лежит; он влечёт тебя к себе, но ты господствуй над ним.
ТІаккха, цхьана дийнахь, Кхаима Хьабуле элира: «Аренга гІой вайшиъ?» Уьш аренга баьхкича, Кхаима, шен вешина Хьабулина чу а гІоьртина, иза вийра.
И сказал Каин Авелю, брату своему. И когда они были в поле, восстал Каин на Авеля, брата своего, и убил его.
ТІаккха Везачу Эло Кхаиме хаьттира: «Мичахь ву хьан ваша Хьабул?» Кхаима элира: «Суна хІун хаьа? Со гІарол-м вац сан вешина?!»
И сказал Господь Каину: где Авель, брат твой? Он сказал: не знаю; разве я сторож брату моему?
ТІаккха Везачу Эло элира: «Ахь хІун дина? Хьан вешин цІийн аз кхойкхуш хеза Суна лаьттара.
И сказал: что ты сделал? голос крови брата твоего вопиет ко Мне от земли;
ХІинцачул тІаьхьа неІалт кхайкхадо Ас хьуна, хьан карах валар хилла хьан вешин цІий дІаоьцучу лаьтта тІехь.
и ныне проклят ты от земли, которая отверзла уста свои принять кровь брата твоего от руки твоей;
Ахь латта лелош, цо кхин лур дац, хІинццалц санна, рицкъа. Ткъа кху лаьттахь, меттиг ца карош, лелар ву хьо».
когда ты будешь возделывать землю, она не станет более давать силы своей для тебя; ты будешь изгнанником и скитальцем на земле.
ТІаккха Кхаима элира Везачу Эле: «И таІзар лан ницкъ кхочур бац сан.
И сказал Каин Господу: наказание моё больше, нежели снести можно;
Ахьа хІинца со кху лаьттара а, Хьайн юьхь-дуьхьалара а эккхаварна, со волавелла лела везар ву. Суна дуьхьал мел кхетар волчун со вен таро хир ю».
вот, Ты теперь сгоняешь меня с лица земли, и от лица Твоего я скроюсь, и буду изгнанником и скитальцем на земле; и всякий, кто встретится со мною, убьёт меня.
Везачу Эло элира Кхаиме: «Нагахь санна хьо цхьаммо вехь, цунна ворхІазза бекхам бийр бу Ас». ТІаккха Везачу Эло Кхаимна тІехь тамашийна билгало йира, и билгало хилар бахьана долуш, иза дуьхьал кхетча, цхьаьнгге а ца вейтархьама.
И сказал ему Господь: за то всякому, кто убьёт Каина, отмстится всемеро. И сделал Господь Каину знамение, чтобы никто, встретившись с ним, не убил его.
Иштта Кхаим, Везачу Элана хьалхара дІа а ваьлла, Іедан-бешана малхбалехьарчу, Нада цІе йолчу меттиге ваха охьахиира.
И пошёл Каин от лица Господня и поселился в земле Нод, на восток от Едема.
Кхаим шен зудчух а кхетта, церан кІант хилира. Цунна ХІанох аьлла цІе тиллира. Цигахь Кхаима, гІала а хІоттийна, шен кІентан цІарах ХІанох элира цунах.
И познал Каин жену свою; и она зачала и родила Еноха. И построил он город; и назвал город по имени сына своего: Енох.
ХІанохан хилира кІант Іийрад, ткъа Іийрадан хилира Махьуяал. Махьуяалан хилира кІант Матушаал, Матушаалан а хилира кІант ЛемакІ.
У Еноха родился Ирад; Ирад родил Мехиаеля; Мехиаель родил Мафусала; Мафусал родил Ламеха.
ЛемакІа ши зуда ялийра: цхьаннан цІе Іада яра, вукхуьнан – Цилла.
И взял себе Ламех две жены: имя одной: Ада, и имя второй: Цилла.
Іадас вира кІант Явал. Четарш чохь Іаш а, даьхни лелош а болчеран да хилира цунах.
Ада родила Иавала: он был отец живущих в шатрах со стадами.

Dataset Card for "chechen-russian"

More Information needed

Downloads last month
0
Edit dataset card